ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкара веддачун меттиге – керла премьер




Шемин президента Асад Башара керла премьер-министр хΙоттийна Ал-Хьалкъи Ваэл махкара веддачу премьеран Хиджаб Риядан метта.

Оцу юкъанна шемахошца, шайн цара лаьцна волу 48 зератхо дΙавоьхуш, Демаьшкахь дийцарш дΙахьош бара гΙажарой. ТехΙерано хΙинца дуьххьара дΙакхайкхийна, ша яц Асад Башаран Ιедална гΙорторъеш, ша къобал бо Цхьанакхеттачу Къаьмнийн юкъаралло барт лоьхуш бен болх, аьлла.

ТΙемаш лаьттара Шемахь еарийдийнахь а. Алеппохь ду, доккхачу декъанна, тийсадаларш.
XS
SM
MD
LG