ТIекхочийла долу линкаш

3 Ιаьмеркан салти вийна ОвхΙанистанехь



Эскархочун духарахь хиллачу овхΙанхочо Ιаьмеркан кхо салти вийна мехкан къилбехьарчу Гельменд-кΙоштахь. Атлантикан альянсан пресс-секретара, хьалхе ду, элира журналисташка, и стаг тΙалиб хилла я ОвхΙанистанан салти хилла, ала. Хууш дац тΙелеттачух хилларг а, гарехь, цуьнан вада аьтто баьлла. Хиламехь билгало яцаро Ιаьмеркахойн шеко кхуллу ОвхΙанистанан эскархойх.

Альянсан хьостанаша динчу жамΙаша гойту, и тайпа тΙелатарш кхушара 24-зза дина хилар. Иштта велла 28 альянсан эскархо.
XS
SM
MD
LG