ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара хьал дийцар тΙехьатеттина лулахоша



ЦΙеххьана юхадаьккхина шайн кΙиранденна лерина хилла арахьарчу гΙуллакхийн министрийн цхьаьнакхетар Ιаьрбан пачхьалкхийн Лигано.

Джиддехь министраш дагахь бара, Шемара кризис йийцаре а еш, цига Лигин цΙарах вахийтина хилла а, ткъа машар бан некъ ца карийча, тΙаьхьо, шен лаамца дарж дΙатесна а волчу Аннан Кофин меттана кхин стаг харжа. Ιаьрбан мехкийн Лиган инарла секретаран гΙовса ХΙелли Ахьмада хаам бира журналисташка, арахьарчу гΙуллакхийн министраш тΙаьхьо вовшахкхетар бу Шемин хьокъехь, аьлла. Амма ца дийцира цо, хΙун бахьана ду барам тΙехьататтарран.
XS
SM
MD
LG