ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохк бегийча зе хиллачарна керла хьесап дина ГIажарийчоьно


Шайн мехкан къилбаседа-малхбузехь шоьтан дийнахь шозза мохк бегийча зе хиллачу нехан юха а хьесапдина гIажарийн Iедалша. Тахана парламентехь йистхуьлуш ГIажарийчоьнан могашаллин министро Марзие ВахIид Дастджердис дIахьедар дира, мохк бегийча беллачийн терахь 306 стаге кхаьчна, кхин а 3 эзарна зе хилла, аьлла.

ХьастагIа, нах лехар-кIелхьарбахаран операци дIаерзаран хьокъехь хаам бинера ГIажарийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Найджар Мохьмада. Цо бахарехь, кIелхьарбаьхначу нахана юург а, тхов а латторна а тIебоьгIна бу хIинца коьрта тидам. И гIо хьашт долуш 16 эзар гергга ву.

Мохк бегийначу меттигехь йолчу 6 бIе эвланах нийсса ах йохийна ю, элира Найджара. Цу кIошташкара кхочучу хаамашца, дарбан хIусамаш йоьттина ю дархойх. Лоьраш лара ца бо массарга а хьовса.
Хьалхара мохк бегийча, цуьнан ницкъ – Рихтеран барамца ялххий, йиъий бара. Цул тIаьхьа 11 минот яьлча шолгIа а бегийра – ялххий, кхоъий нуьцкъала мохк.
XS
SM
MD
LG