ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема: кема чудоьжна я чудаийтина?


Шеман Iедалан хаамийн гIирсаша дIахьедар дина, Iедалан тIеман кема чудоьжна мехкан малхбалехь, аьлла. Цул а масех сахьт хьалха Шеман режиман дуьхьалончаша кхайкхийнера, оццу меттигехь шаьш кема чудаийтина хилар.

Iедалийн муьтIарчу Шеман керланийн канало бечу хаамца, «рогIера Iамораш дIахьуш иккхина техникан бахьана ду, кема чударан. Цуьнан хьесапехь, пилот аракхоссавелла кеман чуьра, иза лохуш ву.

Оцу юкъанна, Шемарчу жигархоша видео арахецна, шаьш бохург тIечIагIдеш. Советан пачхьалкхехь дина тIеман МИГ кема ду, лахара тоьхначу герзах цIе а яьлла, Дейр ель-Зоуврехь чудогIуш. Цкъачунна, кхин тоьшаллаш дац, видео керстаян я бакъян.
XS
SM
MD
LG