ТIекхочийла долу линкаш

Набахтехь волчу Талибанан лидерца Барадарца цхьанакхетар хиллий?


ОвхIанан Iедалша кхачам боллуш жоп ца ло, ОвхIанера делегаци ши бутт хьалха чувоьллина латточу Талибанан командирца, Пакистанерчу Молла Iабдул ГIани Барадарца цхьанакхеттера бохуш, хааме йолучу информацин хьокъехь.

ОвхIанера Лаккхарчу Машаран Кхеташонан декъашхочо Мохьмад ИсмаьIил Къасимъяра бакъбира уьш, AFP къамел деш.

Оццу хенахь, Исламабадехь йолчу овхIанхойн векалаллин зорбан секретаро Шамс ЗардхIашто керстадира иза, ша Маршо радиоца къамел деш, «оцу кепара цхьанакхетар хилла дац» аьлла.

Барадар, лецначу Талибанан лидерах уггар а маьIне ву - Талибан лидеран Молла Мухьамад Омаран тешамечех стаг хилла а ву.

2010-чу шарахь Пакистанехь лаьцна ву иза. Къасимъяра бахарехь, Кабуло Барадар дIахеца аьллера Исламабаде, иза машаре дагадовларш дан луучух тера вара» аьлла.
XS
SM
MD
LG