ТIекхочийла долу линкаш

Казахстанехь 11 дакъа карийна, арсаш диттина байинчу нехан


Казахстанерчу Алмата кIоштахь, Иле-Алатаус олучу къоман паркехь карийна, арсаш диттина вийначу 11 стеган декъий. Царах ши дакъа дагийна а ду. 5 дакъа хьенан ду хIинцале къастаделла.

И аьлла хаам бина казахийн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Касымов Калмуханбета. Министрана хетарехь, беллачерийн а, уьш байинчерийн а дов даьллачух тера ду. 11 стаг веран хьокъехь долийна бехк-такхаман гIуллакх ду.
XS
SM
MD
LG