ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъала эккхийтар дина Димашкъехь


Шеман коьртачу Димашкъ гIалахь тIеман гIишлонна гергахь доккха эккхийтар хилла тахана - Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин хьажархой чохь Iачу хьешан хIусаманна уллехь ю и меттиг. Пачхьалкхан телевизионо бахарехь, бомба эккхийтина цигахь, кхо стаг лаза а веш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин векалех цхьа а вац цкъачунна карош и информаци бакъян я керстаян. Телевизионо гайтинчу видеосурт тIехь гуш ягийна машенаш а, ягорг дIасалелон яй болу машен а ю.

Шен агIора, Оппозицин Меттигерчу Координацин Комитето бахарехь, Димашкъера, эскархойн дакъа дIатардинчу Уммаед майданахь дина ду эккхийтар.

Дубайхь туп тоьхначу Al Arabiya а, AFP а журналисташа бечу хаамца, и эккхийтар динарг ша ву аьлла дIахьедар дина, Шеман Маьршачу Эскаран тIемалочо.

Оццу хенахь, Маккахь тахана дIаяьхьначу 57 декъашхочух лаьттачу Исламан Кооперацин саммитехь дийцаре дира, Шема оцу организацера ханна дIаяккха кийча хиларх лаьцна. ГIажарийчоь кхоччуш дуьхьала и гIулч яккхарна.
XS
SM
MD
LG