ТIекхочийла долу линкаш

Осмаев Адамна кеста экстрадици еш ю Оьрсийчу


Соьлж-гIалин вахархо Осмаев Адам а, Казахстанера Пьянзин Илья а гергарчу хенахь Оьрсийчоьне дIаваларан хьокъехь сацам бина Украинин кхело. Одесса кIоштан прокуратурин зорбан-секретаро Абрамова Еленас аьлла РИА «Новостига», Осмаев уггар а гергарчу хенахь дIалур волуш ву.

Оьрсийн президент Путин Владимир премьер-министран даржехь волуш, цунна тIелатар дан кечлуш вара аьлла, кхеле озийна волу Осмаев дIавала сацам бинарг ю шинарин дийнахь Одессера апелляцин кхел. ХIара шо долалуш, и бехк а кховдийна лаьцначу Осмаевс керстадо, ша цу зуламна бехке хилар.
XS
SM
MD
LG