ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марсхьокху-беттан 19 дийнахь марханаш досту Нохчийчохь


Нохчийчоьнан коьрта маьждиг
Нохчийчоьнан коьрта маьждиг

Бахархошна кхаъ хуьлуш, кхушара ши де хьалха дуьйна билгалдаьккхина Нохчийчохь марха досту де. Iеламнехан кхеташонан хьаькамо Кадыров Хожа-Ахьмада дIасабаржийначу хаамца, Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь достуш ду махкахь марханаш.

«Оха, динан дайша, куьйгалла деш со а волуш, муфтиятехь кхеташо дIаяхьна" элира Кадыров Хожа-Ахьмада, марха досту де къастош. Цхьаъ санна массо реза а волуш и де кхушара 19-гIа кIиранде нисдели».

Цо Iорадаккхарца мархин сахьа даккхар а хьахаделла цу кхеташонехь.
«Мархин сахьа даккхар даима а ялтийца нисдеш хилла долу дела оха кIа а, дуга а кхаа кийланна барамехь магийна, амма ялтийца гIуллакх догIурш дукха боцу дела,нахана аттонна , къаьсттина гIаланашкахь бехачарна, оха сахьа даккхар ахчане а дерзийна, цхьана доьзалхочунна тIера 100 туьманна барамехь и декъар къобалдина".

Марха дастар а, сахьа даккхар а хьокъехь иштта дахьедар хааме даьккхина телевизионехь Кадыров Хожа-Ахьмада. Шен кхайкхамехь цо , тIедогIучу дезачу дийнах, кху Iеламстага хIара аьллий,вукхо важа аьллий бохуш , харц хIумнаш юьхьарлоьцуш ,шеконашка буьйлуш болу бусалбан нах къинойх ларбеш боху: «Суна шу тоьшийла лаьа.

Динан дайша а,муфтиято а КъурIана бух тIехь, Элчана суннатех а гIортор а йина (Делера салам Маршалла хуьлда цунна) бина сел мехала сацам. Ас доьху шуьга галдовларх лардалар,бусалба нахалахь догазаллаш ца яржор, делан оьгIазлонах кхерар. Барт-машар болчохь бен хуьлийла мА- дац цуьнан къинхетам.»

Цхьаболчу тергамхоша тидарехь и тIаьххьара дина къамел махкахь муфтиятана резабоцурш дукха хиларна дина ду. Стенна аьлча, хууш мА-хиллара кху тIаьхьарчу шерашкахь,дукха хьолехь бусалбан Дуьненца къесташ ,морзахе нисделла Нохчийчохь марха лацар а,дастар а. Цу юкъара ца даьлла хIара карахь долу шо а. КIира хьалха хаам а бина,массара а цхьатерра мархин бутт болийнехь а,и дастар тIехь юха а ,«садууш», ладегIамехь кхаьбба муфтиято нах , кху марс хьокхучу беттан I6-гIа де суьйренга ластталц.

Мархин беттан хьокъехь ,вайнах къинойх ларбан санна,Кадыров Хожа-Ахьмада динчу къамелах шена хетарг довзуьйтуш ву Соьлжа-гIалара тергамча Висита.

« Нах резабоций а хууш динчух тер аду и къамел. Наха лелориг лело йиш йолуш дац-те вайн бохуш къамелаш долуш мА ду. Кхушара наха лоцчу хенахь лоцу вай лаьцна,ткъа дастар маца ду ца хууш ши-кхо де диссалц садии. Интернет ю, зIенаш ю. календараш ю. дерриге дуьнено цхьана дийнахь досту ,ткъа кхузахь кхечу дийнахь досту. Дог этIадо-кх нехан и хIумнаш леладар бахьнехь..»

Ала дашна могIарерчу бахархошлахь цхьатерра туьдуш хIума дац ,хIинццалц 5 туьмал лакхара хилла а доцу кхушара мархин сахьана цIе тоьхна ахчанан барам I00 туьма кхайкхор а. Цу хьокъехь лакхахь къамел динчу тергамхочо Виситас элира:

« Суна кхушара доцург цкъа а хезна дац мархин сахьана дуга хьехош.Даима а хьехош дерг кIа ду. Шайн санна массера атаро ю моьттутту хир ду-кх муфтиятехь болчарна. Ярташхула,кIошташкахула буьйлабелча хуур-м дара царна нах муха бохку а,цаьргахь долу хьал а. Дукха адам мА ду болх-некъ боцуш ,пенсеш а ,пособеш а тIехевшина Iаш. Марха дастарна хала лол бетташ Iачу цара хIун дан деза? Масала 5 туьма аьлла дIакхайкхийча тоаме дара суна гергахь. Долчуьнга далийтахь мархин сахьана итт туьма а, эзар а….»

Бахархошна товш,хьааме хIума ду масех де хьалха,къастам боллуш мархин де билгалдаккхар а, массо бусалбан нахаца цхьаьна и дастар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG