ТIекхочийла долу линкаш

Израил - "дуьненан эхь" ду аьлла гIажарийн президенто


Израилна дуьхьала дIахьедарш дарца вевзаш волчу ГIажарийчоьнан президента Ахьмадинежад Махьмуда тахана рогIера дIахьедар дира, Израил, дерриг дуьненна а «эхье» хIума ду, аьлла.

Аль-Къудс олучу, Мархин беттан тIаьххьарчу пIераскан дийнахь, Палестинина гIортор еш акцеш дIахьучу дийнахь – цунна тIедоьгIна къамел дира гIажарийн президенто.
Израилна дуьхьал масех гIажарийн гIалахь дIаяьхьира акцеш.

1979-чу шарахь Исламан революци хилчхьана дуьйна, хIора шарахь хуьлуш ю уьш.
XS
SM
MD
LG