ТIекхочийла долу линкаш

Ассанж Джулиан Эквадоре дIа ца вохуьйту Британино


Эквадоран Iедалша политикан тхов-кIело елла волу WikiLeaks порталан куьйгалхо Ассанж Джулиан шайн махкара аравалийта дагахь дац шаьш аьлла дIахьедар дина, Британин Iедалша.

Еарин дийнахь Ассанжан дехарна жоп луш, шайн махкахь тхов-кIело яла сацам бина Эквадоро.
Мангал-бутт чекхболуш, Лондонерчу Эквадоран векалаллехь дипломатан гIо дехнера Ассанжа. Политикан бахьанехь шен зе хила мегаш ду аьлла, бахьана далийнера цо.
XS
SM
MD
LG