ТIекхочийла долу линкаш

Pussy Riot панк-тобан декъахошна йинчу кхелана тIехула Оьрсийчоьнна ондда критика йо


Pussy Riot панк-тобанна кхо декъашхо шишша шераш хенаш а тоьхна, набахте хьовсон, Москохарчу Хамовнический кхело бинчу сацамна тIехула, шолгIа де ду Оьрсийчоьнна критика еш йолу. Цхьанатоьхна Штаташа а, Британино а, Францино а, Европан Барто – цхьабосса емалъйина кхелан процесс а, «тIех луьра» сацам а.

Оьрсийчура либералан лоручу Эхо Москвы радионо телефонехула хIоттийначу хаттарна жоп луш, хIора веаннах кхааммо емалбина кхелам сацам.

Москохарчу полицино тахана бинчу хаамца, пIераскан дийнахь кхелана уллехь лаьцна хиллачу реза боцчу нахах 50 дIахецна. Царна юкъахь оппозицин лидерх цхьаъ волу Каспаров ХIаьрри а ву.
XS
SM
MD
LG