ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийн оппозицин коалицера ахча схьадоккхуш ю официала Тбилиси


Гуьржийн гIан олучу Гуьржийчура оппозицин коалицино бахарехь, церан банкерчу чоташна тIера мел лаххара а $60,000 пачхьалкхан бюджете дехьадаьккхина Тбилисерчу официала Iедалша.

Оцу коалицин декъашхо йолчу Демократан Гуьржийчоь олучу партин векало Хадури Нодара бахарехь, гуьржийн президент Саакашвили Михаил коалицина тоьхна $1.5 миллион доллар гIуда схьадаккха гIерташ ву, коалицина харжамашна гулдина хилла ахча бакъонехь дацара, аьлла.

Цхьанатоьхначу Штатийн Гуьржийн гIан коалицин лидер Иванишвили Бидзинин цIарах йолчу, юкъараллица зIе латторна Iамеркан фирмано гуьржийн Iедал бехке дина, иза, коалицин ялххе декъашхочуьн чоташна тIедогIу ахчанаш каралаца гIертарна.
Гуьржийн Iедало хIинццалц цхьа а комментари ца еш битина и бехкаш.
ГIадужу беттан хьалхарчу дийнахь парламентан харжамаш хилале лилхина хIара дар-дацарш.
XS
SM
MD
LG