ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIокху баттахь жигара тIелатарш дина Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Соьлж-гlалахь эккхийтар динчу меттигехь болх беш бу талламхой, 06Мар2012
Нохчийчоь -- Соьлж-гlалахь эккхийтар динчу меттигехь болх беш бу талламхой, 06Мар2012

Кху карарчу Марс-хьокху беттан шолгIачу эхехь Iедалан герзахошлахь дараш алсам хилла Нохчийчохь. Марханаш дастале а, Кадыров воккханиг вина де даздале а Iедалан ницкъаш чIагIйинчу рожехь болх беш белахь а, лелхийтарш а, тIелатарш а доцуш, гIуллакх ца хуьлу.

Нохчийчохь тIом боцуш, машаре, синтеме сурт кхуллуш официала деш долу дIахьедарш дохо а, бух боцуш дуйла а хаийта санна, кхерамца, ма-дарра аьлча, Iожаллица бозабелла къиза хиламаш тергалло кху муьрехь махкахь.

Мархин бутт бара аьлла цуьрриг а лахлуш бац цара бахархошна беш болу ницкъала тIеIаткъам а. Кху Марс-хьокху беттан 17-чу дийнахь тIаьхьий-хьалхий ши талор дина ТIехьа-Мартанан а, Соьлжа- гIалин а кIошташкахь. Полицин урхаллин хьостано Iорадаккхарца Соьлжа кIоштан Бумта эвла боьдучу некъаца эккхийтина Iедалан герзахой тIехь богIу гIагI диллина машен. Чевнаш йина шиъ цхьана ханна Нохчийчу гIуллакх дан веъна низамхо ву. Уьш тIеман лазарне кхачийна. Говзанчаша чIагIдарехь, уьш богIу лар а бина, эккхийтинарг радиоурхалла деш йолу мина ю.

ТIехьа-мартанан кIоштахь и тохар дина йоккха юкъ ялале герзаца эвхьаза, дера тIелатар дина Соьлжа-гIалин кIоштан Iалхан-ГIалахь. Машена тIехь воьдуш хилла виъ полицин белхо цу меттехь велла. «Перехват» аьлла операци а кхайкхийна ,лехнехь а официалан чIагIдарехь и зулам динарш къайлабевлла . Низамхойн урхалло гIардаккхарца Iожалла карийнарш Башкирийн кIоштера баьхкина омонан декъашхой бу.

Цхьаболчу тергамхоша а, шаьш полицин белхахоша а билгалдаккхарца, тIех дера а, майра а дина ду Iалхан-юьртахь оццул дараш а нислуш дина тIелатар. Шен цIе йоккхийла ца лиъначу цхьана талламан комитетан белхочо иштта элира Соьлжа-гIалин кIоштехь виъ Iедалан герзахо верах : «Со хадам боллуш и болх бинарш тIемалой бу ала а хIуттур вацара.Адам дукха долуш,гергахь лачкъа лаьмнаш а,я хьаннаш а йоцуш меттиг ю иза. ШолгIа, уьш билггал богIий а хууш, кIело а йина,олуш ма-хиллара юххера,тIе юьхьиг таIийна, эвхьаза диттина царна герз а ,шайна хIумма а хир доций хууш санна. Доцца аьлча шеконаш дукха ю». Цу кепара хьажам берш и цхьаъ хилла ца Iа.

Говзанчаша билгалдаккхарехь кху тIаьхьарчу беттанашкахь Нохчийчохь нисделлачу вер-ваккхарех угар эвхьаза динчех ду Iалхан-юьртахь хилларг.

ТIедузархьама аьлча, кху карахь болчу марс хьокхучу баттахь къаьсттина дукха нисделла кхузахь Iедалан герзахошлахь дараш. Ма-дарра аьлча хIара бутт низамхошна уггаре эшаме беъначех цхьаъ бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG