ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочуьн тезетахь Iожалла карийна кхин а 7 гIалгIайн полисхочунна


ХьастагIа тIелатар а дина, МалгIбекехь вийначу полисхочуьн тезетахь эккхийтар дина. Мел лаххара а 7 стаг велла.
ГIалгIайчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло баржийначу хаамца, тезет дIахьучу кертахь йоьллина хилла оьккхуьйтург.

«Полицин векалша Iуьйранна кадам бан бахнера, кIиран буса вийначу шайн белхан накъостан тезете. Полисхой керта боьлхучу хенахь, ондда эккхийтар хилла. И бахьанехь ворхI полисхо эццехь велла. Шортта чевнаш хилларш а бу полисхошна а, тезетахь лаьтташ хиллачу маьршачу нахана а юкъахь. Царах итт дарбан цIийнахь ву. Кхоъ - вуочу хьолехь». И верси тIечIагIйина ГIалгIайчоьнан Талламан Комитето а.

Республикан бакъонийн органашкара цхьа хьосто дийцина меттигерчу хаамийн гIирсашка, и эккхийтар динарг вала арваьлла хилла стаг хила а мега, аьлла.
Эккхийтар хиллачу меттигехь корта карийна, тезетахь болчарах цхьаннена а ца бевзина иза.

Полицин лакхара лейтенант Коригов Илесан машенна тIе герзаш тоьхнера кIиран буса. Ларамаза герз кхетта, гена йоццуш хиллачу 14 шо долчу Арсанова Залинина а. Иза карарчу хенахь вуочу хьолахь реанимацехь ю. Кориговна тIелатар динарш муьлаш бу къаста ца делла.
XS
SM
MD
LG