ТIекхочийла долу линкаш

Къинхетам бар деха дагахь яц Pussy Riot


Шишша шераш хенаш а тоьхна, набахте хьовсийначу Pussy Riot панк-тобанна кхаа декъашхочо шайна къинхетам бар доьхур дац, цхьаьнге а. Цунах лаьцна дIахьедар дина адвокато Полозов Николайс. Цо дийцарехь, Pussy Riot-ан адвокаташка хIинца а кхаьчна бац суьдан сацам. И бахьана долуш церан аьтто бац цу сацамна латкъам бан.

Даханчу ПIераскан дийнахь Москохарчу Хамовнический кхело сацам бира Алехина Мария а, Толоконникова Надежда а, Самуцевич Екатерина а колонехь шишша шо даккхийта чуйолла. Царна бехке диллинарг ду хулиганалла лелор.
XS
SM
MD
LG