ТIекхочийла долу линкаш

Полицина дуьхьал лехам айа дагахь ву Каспаров



Полицин белхахошна дуьхьал лехам айа дагахь ву Оьрсийчура оппозицин жигархо, шахматашкахула дуьненан чемпион хилла волу Каспаров Гарри. Кху беттан 17-чу дийнахь Каспаров дIалаьцнера Москохарчу Хамовнический кхелана хьалха.

Цига иза ваханера кхелана хьалха хIоьттинчу Pussy Riot панк-тобанна ша доглозуш хилар гайта. Полицин векалша чIагIдо, ша лоцучу хенахь оппозиционеро ОМОН-ан белхахочунна цергаш тесна бохуш. Каспаровс иза харц до. Цо дийцарехь, мелхо а цунна йиттина полицин белхахоша.

Оршотан дийнахь Каспаров Гарри левина «Хамовники» олучу полицин декъехь. Амма шена дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх схьадоьллур ду-дац хIинца а ца хаьа Каспаровна.
XS
SM
MD
LG