ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тергамхойн тобано дIаерзийна шайн Шемара мисси


Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан цIарах болчу тергамхойн Шемахь йолу мисси дIайирзина официалан кепара. Церан мандатан хан чекхяьлла Оршот буса 12 сахьт даьлча.

Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан а, Iаьрбийн пачхьалкхин лиган а цIарах векал волчу Аннан Кофис хIоттийна йолу Шемахь машар баран план кхочуш ярна терго я кхоьллинера и тоба Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно кху шеран Охан-баттахь. Цу юкъахь вара 300 стаг.

Амма цхьана а агIоно лар ца бира, герзаш деттар сацор ду аьлла, шаьш бина болу барт.
XS
SM
MD
LG