ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанехь тIелатар дина Iамеркан тIеман базина


ОвхIанистанехь ракеташ тоьхна Баграмехь йолчу дуьненаюкъарчу коалицин тIеман базанна. И бахьана долуш дохийна цу махкахь визитаца волчу Iамеркан тIеман ницкъийн штабийн куьйгалхойн цхьаьнатоьхначу комитетан куьйгалхочуьнан Демпси Мартинан кема.

Демпсин векло полковника Лапан Дейва дийцарехь, Шинарийн буса тIемалоша шозза ракеташ тоьхна Iамеркан тIеман базина. И тIелатар деш Iамеркан инарла кеман чохь ца хилла. ТIаьхьо иза дIавахана цу тIеман базера.

Демпси ОвхIанистане къаьчна Оршотан дийнахь. Цуьнан Iалашо ю НАТО-н куьйгалхошца дийцаре дар тIаьхьарчу хенахь коалицин эскаршна деш долу тIелетарш алсам довлар.
XS
SM
MD
LG