ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ассанжана жоп делла Iамеркан администрацино


Iамеркан президентан Обама Баракан администрацино тIе ца дитина WikiLeaks олу интернет сайт коьллинчу Ассанж Джулиана шена кхел ян дагахь ю Цхьаьнатоьхна Штаташ аьлла, дина долу дIахьедар. Iамеркахошна хетарехь, цу тайпа дIахьедарш а деш, Ассанж тидам дIабакха гIерташ ву шега Швецино зударийн хьийзорна кховдийначу бехкашна тIера.

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хаам бина, Ассанжан гIуллакх цхьаьна а кепара доьзна дац WikiLeaks-ан тIехь Iамеркан къайлах йолу дипломатийн материалаш зорбане яхарца аьлла. Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векло Нуланд Викторияс критика йина Эквадоран Iедалшна, Ассанжана политикан тховкIело яларна.

Даханчу КIирандийнахь Ассанжа къамел дира Эквадоран Лондонехь йолчу векалаллан балкон тIера. Цо кхайкхам бира Iамеркан президенте Обама Бараке WikiLeaks хьийзор сацаде аьлла. Цо иштта кхайкхам бира набахташкахь бохкуш болу цо «политикан тутмакхаш» аьлла, цIе тоьхна болу нах дIахеца аьлла.
XS
SM
MD
LG