ТIекхочийла долу линкаш

Евкуров: ГIалгIайчохь эккхийтар дайтинарг Умаров ву


Полицин белхахо дIавуллуш хиллачу тезетахь эккхийтар дайтинарг Умаров Докка ву аьлла, дIахьедар дина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Цо дийцарехь, эккхийтар динарг ю МалгIобек-кIоштахь лелаш йолу зуламхойн тоба.

Полицин 7 белхахо а вуьш, эккхийтар дина ГIалгIайчохь МалгIобекехь дIадаханчу КIирандийнахь. Шоьтан дийнахь герз тоьхна вийна волчу полисхочуьнан тезетахь иккхинарг ву вала араваьлла хилла волу Iожалхо.
XS
SM
MD
LG