ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемин тIеман кеманаша бомбанаш йиттина Алеппо-гIалина тIе



Шемин тIеман кеманаша бомбанаш йиттина оппозицин ницкъаша дIалаьцна латтош йолчу Алеппо-гIалин къилбаседехьа йолчу кIошташка. Цу махкарчу бакъонашларярхоша чIагIдарехь и бахьана долуш вийна 12 стаг. Цара дийцарехь Шинарийн дийнахь Димашкъехь хиллачу тасадаларшкахь байина иттаннаш нах.

ГIаттамхойн векалша дийцарехь Iедалшна духьала болчу ницкъаша дIалаьцна Иракъан дозанца йолу Альбу-Камаль олучу гIалара таллама а беш чекхволуьйту пункташ. Амма царна хетарехь масийтта бIаь гIаттамхочуьнга шайн карахь латталур яц уьш, цу регионехь алссам Iедалан ницкъаш хилар бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG