ТIекхочийла долу линкаш

Кенехь вовшахлетта ши къам


Кенехь къилба-малхбалехь йолчу кIошташкахь 48 стаг вийна цигарчу бахархошна юкъахь хиллачу этникан тасадаларшкахь. Вовшахлеттарг ду покомо а, орма а олуш долу ши къам.

Байинчарна юкъахь 31 зуда а, 11 бер а ду. Царна тарраш диттина зуламхоша.

Меттигерчу полицино бинчу хаамца, и тIелатар дина Шинарин сарахь. Оццул къиза адамаш дайина дацара Кенехь кху тIаьхьарчу 4 шарахь, цигахь массо а тIегIантIехь харжамаш хилчхьана. Церан жамIаш къуьйсуш бара меттигера бахархой.
XS
SM
MD
LG