ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино Темерхановна еттар толлур ду Юкъараллин чоьно


Буданов Юрий верна бехке хила мега аьлла, дIалаьцна волчу Темерханов Юсупана полицино еттар толлур ду Оьрсийчоьнан Юкъараллин чоьно. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфаксе» цу вовшахтохараллан зорбанан сервисо.

Кхаарин дийнахь Темерхановн адвокато Мусаев Мурада хаам бинера Маршо Радионе, ша тIехIоьттина волу тутмакх суьде валийнера, ондда етта а йиттина аьлла. Темерхановс дийцарехь, цунна йиттинарш бу полицин белхахой.

Москох-гIалин полицин зорбанан сервисо хаам бинера «Интерфаксе», шаьш Темерхановна дуьхьала ницкъ баьккхира, цо шена таллам беш дуьхьало ярна аьлла. Полицин хьостано дийцарехь, Темерхановгахь юьхьах хьокхучу уьрсан кийсак карийна хилла. Амма адвокато Мурадов Мусас дийцарехь, уьш пуьташ бу. Нагахь иза иштта далахь, видео схьагайта еза полицино аьлла хета цунна.

Талламхоша чIагIдарехь, Темерханов Юсупа вийна Буданов, шен да верна бекхам беш. Цуьнан да, дийна а волуш, вагийна хилла шен хIусамехь Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш. Амма Темерхановс и бехк шена тIе ца буьту.

Буданов Юрий вийра Москох стохка Мангал-баттахь. 2003-чу шарахь иза чувоьллинера нохчин йоI ерна. Ткъа 2009-чу шарахь Буданов аравалийтира хенал хьалха.
XS
SM
MD
LG