ТIекхочийла долу линкаш

Amnesty International: Къиза ницкъ бар ловш бу Алеппон бахархой


Дуьненаюкъарчу Amnesty International олучу вовшахтохаралло дIахьедар дина, къиза ницкъ бина Шемахь Алеппо-гIалахь бехачу нахана цигахь Iедалан ницкъашна а, гIаттамхошна а юкъахь тIемаш доьлхуш аьлла.

Еарийн дийнахь цо арахецначу рапорта тIехь аьлла ду, маьрша нах байаран бахьана ду коьртачу декъана Iедалан ницкъаша дина долу тохарш аьлла. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, армино лелош ду нисса мостагIчунна тоха аьтто боцу герз: яккхийчу тоьпийн хIоьанаш а, бомбанаш а. Цу хеннахь, цара билагалдаккхарехь, дайн герз бен доцучу гIаттамхоша а до маьршачу нахана къоршаме зенаш.

Amnesty International-о дийцарехь, дукхачу хьолах нах бойуш бу Алеппохь уьш хи эца а, баьпкана а рагI ларъеш лаьтташ болуш.
XS
SM
MD
LG