ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдаша тIелатар дина туркойн эскаран коврана


РогIера тIемантасадалар хилла Туркойчоьнан къилба-малхбалехь эскархошна а, курдийн тIемалошна а юкъахь.

Меттигерчу хаамийн гIирсаш дийцарехь, цу тIамехь вийна 16 курд а, 5 туркойн эскархо а. Iедалан векалша бинчу хаамца, курдийн партизанаш фугас эккхийтина хилла тIеман ковр схьайогIучу некъан йистехь. Цул тIаьхьа цара герзаш диттина эскархошна тIе.

Кху тIаьхьарчу баттахь Туркойчохь жигардаьлла шайн автономи кхолла гIертачу курдаша деш долу тIелетарш.
XS
SM
MD
LG