ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

4 стаг велла Словенехь, хIаваан лоппург чудеана


Мел-лаххара а 4 стаг велла Еарин Iуьйранна Словенехь, хIаваан лоппург чу а деана. Кхин 18 стаг лазийна ву. Царна юкъахь 6 бер ду. 8 стаг вочу хьолехь ву.

И бохам хилла Словенин коьртачу гIалана Люблянина 12 километар йолчу меттехь. Монгольфьер олучу цу лоппурган тускар чохь хилла 30 некъахо а, 2 пилот а. Бохам хиллачарна юкъахь бу Британин махкахо а, Италин кхоъ вахархо а. Царах цхьамма дийцарехь,хIаваан лоппург охьахууш тасаделла хилла диттах. Цул тIаьхьа, цIе а летта, стигала хьаьдда иза.

Хилларг толлуш ю полици.
XS
SM
MD
LG