ТIекхочийла долу линкаш

Бут дIавоьхуш ю Оьрсийчоь


Iамеркехь чувоьллина волу бизнесхо Бут Виктор, йисина хан цIахь яккхийта, схьалахьара аьлла, Цхьаьнатоьхначу Штаташка дехар дина Оьрсийчоьнан юстицин министралло. Цуьнах лаьцна хаам бина цу министраллан векалша.

Нью-Йоркан суьдо, 25 шо а тоьхна, чувоьллира Бут кху шеран Охан-баттахь. Цунна бехке диллинарг ду Iамеркахой байа Iалашо йолуш зуламхошца барт бар.

45 шо долу Бут Виктор лоруш вара уггара таронаш йолу къайлах герздохкархо.
XS
SM
MD
LG