ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хан тоьхна Брейвикана



Дуккха а адамаш дайина волу Брейвик Андерс коьртана галваьлла вац аьлла, даре а дина, 21 шо хан а тоьхна набахти чувоьллина Норвегин суьдо. Стохка Товбеца-баттахь Ослохь бомба эккхийтина а, Утойо гIайри тIехь герз диттина а 77 стаг вийра цу стага.

33 шо долчу Брейвикан тоьхна долу 21 шо дIадаьлча, цунна тоьхна йолу хан яхъян мегаш ю, нагахь санна суьдо иза юха а юкъараллина кхераме ларахь.

Брейвика бехк боцу нах байира, ша мултикултурализмана дуьхьал хилар гайта гIерташ.
XS
SM
MD
LG