ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КΙиранан хиламаш комментаторца Фуллер Элизабетица


ГIалгIайчоь -- 7 полисхо а вуьйш, тезетахь шахIид иккхина меттиг, СагIопши, 19 Мар2012
ГIалгIайчоь -- 7 полисхо а вуьйш, тезетахь шахIид иккхина меттиг, СагIопши, 19 Мар2012

СагΙопшехь виъ полисхо а вуьйш динчу эккхийтарх шена пайде фактор еш ву Кадыров. Шемарчу тΙамехь декъалоцуш бац нохчий, боху юха а Нохчийчуьрчу администрацин дас. Муьлш бу Хасу-Юьртарчу шиΙитийн маьждигна тΙелеттарш?


СагIопшерчу бохамах евлла дивидендаш

Тамаше дац дахначу кΙирандийнахь, СагΙопшехь шахΙид а оьккхуш, баьлла бохам Кадыров Рамзана шен гΙалгΙайн куьйгалхочуьнца лаьттачу девнан гура озор.

ГΙалашкахь кхо кΙира хьалха байъина тΙемалой муьлш бара, уьш муха кхелхинера бохучо эгΙийра шина мехкан коьрта ши хьаькам.

ХΙинца Кадыровс СагΙопшехь хиллачух кадам беш даржийначу дΙахьедарехь, гΙалгΙайх жоп лушверг Евкуров а воцуш, шина а къоман да ша волуш санна, «вайнах», «вайнаха», бохуш до къамел.

МаьлгΙбекахь зулам динарш «бусулба хьовха, я вайнах а бац, цара вайнехан гΙиллакх а, оьздангалла а хьаьшна», боху Кадыровс. Террорхой хΙаллакбеш схьайогΙу нохчийн полици къобалйо массо а вайнаха, цо дийцарехь.

Оцу юкъанна Кадыровс, юхьдуьххьал ца динехь а, бехке дира ГIалгΙайчоьнан Ιедал террорца къийсам латторехь буьйда-кΙеда хьийзарна. Кхечу маьΙнехь аьлча, Кадыровна хетарехь, гΙалгΙайн къам, террорхойх Ιалашдан гунахь долуш вац Евкуров.

ТΙаьхьалонан ойла а еш, гΙалгΙайн полицина кΙадо йира Кадыровс. Хьанна хаьа цунна уьш Евкуровца къовсалучохь оьший?

Цо тешийра гΙалгΙайн полицера белхахой, «эшначу хенахь, гΙо хир дуйла хаа ду шуна Нохчийн Республикера, цуьнан куьйгалхошкара, халкъера», аьлла. Иштта цо дΙакхайкхийра, МаьлгΙбекахь вийна ворхΙ полисхо дΙаверзон ахча а, царна тΙера сагΙийна маситта бΙе миска доьзалшна дΙасадекъа жижиг а, кхиболу кхача а хьажабо ша, аьлла.

ГΙалгΙайн оппозицин "Ингушетияру.орг " сайтан йозанашка хьаьжча, хетало, гΙалгΙаша Кадыров Евкуровл а мехалахь лакхавоккхуш санна. СагΙопшехь беллачу полисхойн доьзалшна Евкуровс 100 эзар сом дала кхайкхийна, къам шех кхардийта санна, ткъа Крымскехь хино зединачарна делла цхьацца миллион, латкъам бо сайто.

Путинна муьтахь хилар тIечIагIдеш...

Кху баттахь шозза, тΙаьххьарниг селхана а деш, Кадыровс официалехь дΙахьедина, Шемахь тΙом беш стагга а вац нохчех, аьлла. Иза мелла а тΙаьхьадисина къамел дара, хΙунда аьлча, цо и дале ши де хьалха Шемахь, гΙаттамхойн могΙаршкахь, велла 24 шо долу тΙеман баьччин Гелаев Хьамзатан воΙ Рустам, аьлла, хабар даьржира.

Цкъа Шема тΙом бан цхьа а нохчо вахна цахилар тΙе а чΙагΙдина, тΙаккха Кадыровс тешийра нах, ша, Путин а санна, Шемарчу Ιедалан агΙор ву, аьлла.

Цо дΙахьедар диннчу еарийдийнахь «Коммерсант» газето, вийначу Гелаев Рустаман сурт а гойтуш, дийцира Шемахь хиллачух лаьцна. Газето бакъ хила тарло, аьлла, ши верси айъина Гелаев кхалхарца йоьзна.

Хьалхара верси - нохчо Шемарчу гаттамхойн могаршкахь велла.

ШолгΙа верси – Гелаев Рустам ша доьшуш волчу Шемара, тΙамах водуш, Туркойн махка ваха араваьллачохь, иза чулечкъинчу маьждига тΙе бомбанаш тоьхча велла.

Цуьнца а дузуш, суна хетарехь, я Кадыровс а, цуьнан гΙоьнчаша а ца дешна «Коммерсант», я, царна хетарехь, Путин висина иза дешаза, я кхин, вай кеп-кепара кхето а мегаш бахьана ду, Кадыров юха а, ша Путинна тешаме ву, бохуш, оццул чΙогΙа хьийза.

ГIаттамхойн тактика хийца-м ца елла?

Дуккхаъчу Малхбалерчу газетийн а тΙехь тидам тIебоьдуш хилла зе ду СагΙопшехь, шеца ворхΙ полисхо а вуьйш, шахΙид эккхар а, цул хьалхарчу дийнахь Хасу-Юьртарчу шиΙитийн маьждигна тΙелатар дар а.

Дукхахболчарна хетарехь, Къилбаседа Кавказера гΙаттамхой бу бехкенаш. Ткъа дуьххьара ду дерриг а маьждиг а, цига лела нах а хΙаллакбан гΙаттамхой арабовлар.

Хасу-Юьртахь хилларг кΙезиг дозу даима а леллачуьнца. Бакъду, тΙаьххьарчу беттанашкахь гΙоьртина-м лаьтта Хасу-Юьртара хьал. Юкъ-кара бойъу Дагестанехь Ιеламчаш – кху баттахь вийра Хасу-Юьртара имам. Делахь а иза юкъара сурт дара. Ткъа хΙинца, гарехь, гΙаттамхой хадон гΙерта Охан-баттахь Дагестанан муфтиятой, салафийян Ахл-ус-Сунна тобаной барт лохуш болийна некъ.

Кхо бутт хьалха Москох бакъоларъярхойн прес-конференцехь «Мемориал» юкъараллан векала билгалдаьккхира, Дагестанехь гΙаттамхоший, Ιедалоййий бертан хьокъехь дийцарш доладешшехь, царна новкъарло еш, зулам оьккху, аьлла.

Иза долчух тера ду иштта. Ткъа бехкенаш гΙаттамхой хила тарло бохучунна тΙетоха догΙу, я хила тарло ша Ιедал а, аьлла.

Делахь а, ΙиндагΙехь дуьсуш ду, хьенан карах даьлла Хасу-Юьртахь зулам бохург. Амма дагадогΙу вайна зорбанера, ши бутт хьалха Хасу-Юьртарчу Волчановка юьртахь, рузба чекхдаьлча, маьждигна гергахь цхьа стаг вер. Иза вийнарг Дагестанан доза а хадийна, баьхкина Кадыровн ницкъаш бара, бохуш дуьйцура.
XS
SM
MD
LG