ТIекхочийла долу линкаш

Греци еврозонехь йиса еза аьлла, хета Францин президентана


Парижехь дагадовларш дIадаьхьна Францин президенто Олланд Франсуас а, Грецин премьер-министро Самарас Антонис а. Цул тIаьхьа вист хуьлуш Олланда дIахьедар дина, Греци еврозонина юкъахь юьсур ю, нагахь цо ша баккъалла а бюджетан дефицит лахъян лууш хилар гайтахь аьлла. Шен агIора Самарас дIахьедар дина, шаьш ларалур ду цу хаттарехь аьлла.

Европерчу пачхьалкхийн лидершца цхьаьна а ветталуш, бюджетехь ахча алсам даккха шайна елла йолу хан жимма яхъяр доьхуш ву Самарас Евроберте.

2015-гIа шо тIекхчале бюджетера ахча дайар лахдан дезаш ю Греци 11 миллиард 500 миллион евро барамехь. Нагахь иза ца далахь, цуьнан дезар ду, дефолт а кхайкхийна, еврозонина юкъара дIаяла.
XS
SM
MD
LG