ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура шаьш оьцучу газан мах охьабаккха лууш ву Янукович


Газан сферехь Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш хийца лууш ву Украинан президент Янукович Виктор. Цунах лаьцна дIахьедар дина цо Сочехь шен Путин Владимирца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Иза дукха экаме тема а ю, иза цкъа а дIайоьрзур йолуш а яц аьлла, билгалдаьккхина Януковича.

2009-чу шарахь бинчу бертаца шаьш Оьрсийчура оьцуш йолчу газан мах охьабаккха гIерташ ву Украинан президент. И барт бинарг яра цу хенахь премьер-министран даржехь йолу Тимошенко Юлия.

И барт беш шен бакъонелла а тIехъяьлла аьлла, 7 шо хан а тоьхна, чуйоьллина ю Тимошенко.
XS
SM
MD
LG