ТIекхочийла долу линкаш

Кхоъ стаг вийна Дагестанехь


Карабудахкент кIоштахь, герз а карахь, стаг вийна шаьш аьлла, дIахьедар дина Дагестанан Iедалша. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан векалша бинчу хаамца, цу стага герзаца дуьхьало йина хилла полицин белхахошна Гурбуки олучу эвлан йистехь йолчу хьунхахь.

И меттиг гоне а лаьцна, вийначуьнан накъостий лоьхуш бу Дагестанан ницкъаллин структурийн белхахой.

ПIераскан дийнахь Дагестанехь Шамхан олучу эвлахь вийна ши стаг. Цаьршимма машенахь воьгIуш герзаш тоьхнера полицин белхахошна тIе бохуш? чIагIдо Iедалан векалша.
XS
SM
MD
LG