ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьне зарратан герз дайта мегар дац аьлла, хета Iамеркан сенаторна


ГIажарийчоь зарратан герз дан гIерташ хиларан "цIена" тоьшаллаш ду аьлла, дIахьедар дира Шоьтан дийнахь ПрахIехь Маршо Радион штаб-хIусамехь хиллачу Iамеркан возуш воцучу сенаторо Либерман Джозефа. Нагахь ГIажарийчоь цу Iалашоне кхачахь, иза кхераме хир ю дерриг дуьненна а, элира цо ша Маршо Радион гIажарийн сервисана еллачу интервьюхь.

Либермана дийцарехь, Iамерко а, цуьнан бертахоша а ГIажарийчоьнан зарратан объекташна тохарш дан мегаш ду, нагахь ТехIрано шен зарратан программа кхочуш яр юха ца даккхахь. Iамерка лууш яц иза дан аьлла, хета сенаторна. Амма ГIажарийчоьне зарратан герз дайта а мегар дац, бохуш чIагIдо цо.
XS
SM
MD
LG