ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура дIаяхана Iедалша лоьхуш йолу Pussy Riot-ан ши декъашхо


Оьрсийчоьнан Iедалша лоьхуш йолу Pussy Riot-ан ши декъашхо махках яьлла аьлла, хаам бина цу панкт-тобанан Твиттерехь йолчу агIон тIехь. Pussy Riot тобан юкъарчу кхаа йоIанна - Алехина Марияна а, Толоконникова Надеждина а, Самуцевич Екатеринина а - набахьтехь даккха шишша шо хенаш кхайкхийна Москохарчу Хамовнический кхело.

Москохарчу Христос КIелхьардаккхархочуьн Килсанехь Мареме кхайкхамаш бина болу цу тобанна юкъара бисина йоIарий лехамашка белира Оьрсийчоьнан прокуратуро. Царна дуьхьал схаьдиилина ду ша лаьтташ долу бехк-такхаман гIуллакх.

Pussy Riot-ан диаман а болу хIоттам бац. Цу юкъара йоIарий хийцалуш бу. Цхьаболчу хаамашца Pussy Riot-ана юкъахь хуьлу 10 йоI.
XS
SM
MD
LG