ТIекхочийла долу линкаш

Дуьххьара Батта тIехь хилла стаг кхелхина



Шен 83-гIа шо долуш кхелхина, дагна йина операци чолхе яларца доьзна, дуьххьара Батта тIехь хилла астронавт, Iаьмеркахо, Армстронг Нил.

250 стигалхошна юкъара къастийна вахийтира иза 1969 шарахь Iаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн астронавтикан урхалло Батта тIе. Шен "Аполлон-11" цIе йолчу станци чуьра Батта тIе ког боккхуш, цо аьлла дешнаш иштта дара: "Адамна жимма ког баккхар бен хIара дацахь а, дуьнено йоккхуш Iаламат йоккха гIулч ю хIара".

ХIетахь а , цул тIаьхьа а Батта тIехь хилла 12 астронавт. Амма дуьнено даима а шен эсехь латтор ву царех хьалхарниг волу Армстронг Нил.
XS
SM
MD
LG