ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а къизалла гойтуш ву Асад



Шемахь гΙаттамхошца тΙом беш Ιедалан ницкъийн беракема охьадоьжна Демаьшкахь. Иза бакъдира пачхьалкхан телевизионо а, амма ца дийцира хилларг ма-дарра. ГΙаттамхойн хьостанаша чΙагΙдарехь, кар-кара а доьлхуш, тΙеман хьелашкахь лаьтта мехкан коьрта шахьаран йистошкара урамаш. Мукъаяьхначу меттигашкахь Ιедалан ницкъаша дуккха а байъина бухара бахархой.

Оппозицино довзуьйту дарийн терахьаш ду 300 тΙера 600 тΙекхаччалц. Ткъа бозуш боцчу тергамхойн аьтто бац тΙемаш боьлхучу меттигашка кхача.
XS
SM
MD
LG