ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ιалам карзахдаьлла Ιаьмеркахь



Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Мексикан айманехь Ιаламан бохам хила тарло, аьлла, дΙакхайкхийна синоптикаша. Луизианан а, Миссисипин а, Алабаман а губернаторша ницкъала мехаш хьакха тарлуш хилар дΙахаийтина бахархошна кΙирандийнахь.

Де хьалха, даккхий догΙанаш а доьлхуш, мехаш хьекха дуьйлалуш и тайпа хаам бира шайн бахархошка Флоридан куьйгалхоша а. Хила тарлучу хьовзамца доьзна сацийна оцу меттигашкахь мехкдаьтта а, газ а йоккху белхаш, лелачуьра совцийна цΙерпошташ, кеманаш.

ХΙинцале а зенаш хилла хиш хьалхар бахьана долуш Карибан хΙорда тΙерачу Куба а, Гаити а гΙайрешна. 6 стаг велла Гаитехь, хΙусамаш хΙаллакъхилла Кубехь.
XS
SM
MD
LG