ТIекхочийла долу линкаш

Пьянзин «Лефортовохь» ву



Оьрсийчоьнан а, Украинан а информацин хьостанаша тоьшалла дарехь, нохчочуьнца Осмаев Адамца цхьаьна Одесса-гΙалахь, Путин вен кечамаш беш хилла аьлла, бехкевен Пьянзин Илья лерринчу кеманахь Киевера дΙакхачийна Москох.

Экстрадици йинчу казахстанхочо Пьянзина дΙахьедина, Украинерчу ницкъаша шегара хьийзош даьхна тоьшаллаш ша юхаоьцу, ша вацара Путин вен араваьлла, аьлла.

Москох, «Лефортово» набахтехь, левеш ву иза хΙинца. Цунна а, Осмаевна а бехке ен терроризм, кхийолу а еза бехктакхаман артиклш царна тΙеюзуш нислахь, велла дΙаваллалц набахти чохь кхаба догΙу ший а. Ткъа Осмаев Оьрсийчоьнан каравалар Украино тΙехьатеттина Еврокхелан сацамца. Амма муха хир бу шен Страсбургерчу кхелан сацам, цо ша талламаш бича, хууш дац цкъачунна.
XS
SM
MD
LG