ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Галерашкахь къахьогучу лайн" Путинан дахар ледара дац


Оьрсийчоь -- "Галерашкахь къахьогучу лех" лаьцна рапорт довзуьйтучу конференцехь къамел деш ву оппозицин лидер Немцов Борис, Москох, 28Мар2012
Оьрсийчоь -- "Галерашкахь къахьогучу лех" лаьцна рапорт довзуьйтучу конференцехь къамел деш ву оппозицин лидер Немцов Борис, Москох, 28Мар2012

«Галерашна тIехь къахьоьгучу лайн дахар» аьлла цIе тоьхна рапорт гIарадаьккхина шинарин дийнахь «Дакъа кхачаран» (Солидарность) боламан векалша Немцов Бориса а, Мартынюк Леонида а. 13 шарахь оьрсийн президент Путин Владимир оццул Iедалх хIунда тийсало? – бохучу хаттарна жоп делира рапортан авторша. Бюджетан чотах вехачу Путинан хьолах а, цо шен дола даьккхинчу инзара дукха ахчанах а лаьцна дийцира цара. «Дакъа кхачаран» боламо бечу хаамца и керла рапорт даржор долуш ду «Сибрех-Москох» олучу машенийн акцехь.


«Дакъа кхачаран» (Солидарность) боламан векало Немцов Бориса дийцарехь, 13-гIа шо ду оьрсийн президент Путин Владимир бюджетан чотах, шена хIумма кхоа ца деш, веха. Ша урхаллехь волуш Путина дола яьхначу инзаре еза гIаланийн а, хIурдан кеманийн а, хIаваан кеманийн а терахь дуккхаза лакхадаьлла. Персийн аймехь бехачу паччахьийн а, гуттар а шайна хеццна ахчанаш дайа Iеминчу олигархийн а дахаран кеп ю Путина дIакхоьхьуш ерг, бохуш дийцира Немцовс.




«Путинан хьашташна лерина маса хIаваан кема ду аьлла хета хьуна?», аьлла хаьттира Немцовс Маршо радион журналисте. «43 (!) кема ду» аьлла, ша жоп делира. Ткъа цуьнан долахь йолу инзаре еза гIаланаш, виллаш, талла вахча пайда оьцу хIусамаш а ткъане кхаьчне. Царах цхьаъ Геленджикехь , Iаьржачу хIордана йистехь ю. Цу цхьана хIусаман мах бу миллиард доллар.
Цо урхалла дечу юкъанна цунна шена итт тIех еза хIусам йина.

Иштта, вуно дезачех долу хIурдан кеманаш а ду цуьнан долахь. «Олимпия» олуш дерг, Путинна олигархо Абрамовича делла ду совгIатана. Кхеташ ма-хиллара, оффшорехь хьесапе эцна ду иза. Ала дашна, дукха хан йоццуш, Геленджике цу хIурдан кмеанахь вахана Путин, элира Немцовс.
Машенашца «Сибрехара Москох» акци дIаяхьа боьлхучу наха даржор долуш ду и рапорт, шайн некъан йохалла. Даханчу оршот дийнахь йолаелла и акци, Гезгмашан беттан 15-чу дийнахь шуьйра гулам а хилла, Москох йоьрзур йолуш ю.
Немцов Бориса дакъа лоцуш, Путин Владимирх лаьцна масех рапорт хилла хьалха а. Путин волуш шуьйра яьржинчу коррупцех а, цуьнан урхаллин итт шарана жамI деш а.

Ткъа суьртийн галерейн тIехь хьажа Путин доларчу еза хIуманашка.
XS
SM
MD
LG