ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пьянзин Ильяс кхин дуьйцу хIинца



Путин Владимир вен кечамбеш хилла аьлла лаьцначу шиннах цхьаъ, Украинера Оьрсийчу кхачийна волу Пьянзин Илья, левеш бу «Лефортово» набахтехь.

Цо юхаэцна шегара Одессехь даьхна хилла дареш. Уьш шегара етташ даьхнера, ша вацара, боху цо, кечъеш хилла бохучу терактан декъахь.

Путинна къело ян араваьлларг вацара , чIагIдо цо шеца цхьаьна лаьцна волу Осмаев Адам а – иза хилла, Пьянзина чбахарехь, Одессехь оьккху коьчал кечъян гΙерттачохь велла волу Мадаев Руслан.

Ткъа Пьянзинах тешаш бац оьрсийн талламчаш, церан версица, теракт кхочушъяр Пьянзинний, Мадаевний тΙехь хилла. Ткъа Осмаевс куьйгалла лелийна.
XS
SM
MD
LG