ТIекхочийла долу линкаш

Тимошенко Юлиях къинхетам ца бина



Пачхьалкхан хьакъ доладерзорна бехке а йина, 7 шарна набахти чуйоьллинчу Украинехь премьер-министр Ιийначу Тимошенко Юлияс шен бехк юхаталлар доьхуш дина арз тΙе ца эцна Киеверчу Лакхарчу кхело. Оьрсийчуьра оьцучу газан меха тΙехь бозбуанчалла лелорна бехке йина ю иза. Амма адвокаташа чΙагΙдо, газан мехашца лелларг политикаца доьзна дара, Тимошенкос криминалца догΙуш хΙумма а ца дина,бохуш.

Ткъа цхьаболчу меттигерчу а, Европерчу а политикашна хетарехь, Тимошенко набахте хьажор - иза президентан Янукович Викторан политикан лаам а, стаг цо шена новкъара дΙаваккхар а дара.
XS
SM
MD
LG