ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказерчу гΙаттамхошца дов долийна гуьржаша



Дагестананний, Гуьржийчоьнанний дозанехь Тбилисера хьовсийначу эскарша тΙом бина Къилбаседа Кавказера шайн лаьтта тΙе яьллачу герзахойн тобанца. Гуьржийн ницкъех кхелхина 3 стаг, пхиъ лазийна. Дагестанан агΙор чубаьхкинчу тΙемалойх 11 стаг вийна. Ткъа тΙематасадалар дерзанза дара кхаарийн сарахь а.

Гуьржийн агΙоно чΙагΙдарехь, тΙематасадалар доьдучу юкъанна, закъалтна маьрша бахархой-гуьржий а лецна хилла Кавказан Имаратан бΙаьхоша. Амма уьш эскарша мукъабаьхна. Лопота-чΙажахь а, цунна гергарчу Лапанкури-юьртана уллехь а, ерзонза, дΙахьош ю гуьржаша тΙеман операци.
XS
SM
MD
LG