ТIекхочийла долу линкаш

Карзай карзахваьлла



ОвхΙанистанан Ιедалерчу хьостанаша хаам барехь, президента Карзай Хьамида даржах мукъаваьккхина мехкан коьрта иччархо Набиль Рахьматулла. Парламентан депутата Сафи Игбалас журналисташ тешийра и хаам бакъ хиларх.

Къайлахчу сервисан хьаькам Набиль ши шо дара дарже хΙоттийна. Цунна бехке дина тΙаьххьарчу хенахь Ιедалан хьукматашна а, ницкъашна а тΙелетарш дан тΙалибийн аьтто балийтар а, дуккха а Ιедалера нах хΙаллакъхилар а. Ιедалан векалша дийцарехь, деношкахь, кхин а маситта лаккхара хьаькам хийца лерина ву Карзай шен гонехь.
XS
SM
MD
LG