ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехΙеранехь хьехийра Холокост а, заратан герзаш а



Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъарлонан инарла секретара Ги Мун Пана, ша дуьххьара ТехΙеране веъча дечу къамелехь йоккха харцо ю, аьлла, билгалдаьккхира, Холокост - жуьгташна тΙехь фашистийн Германино гΙело латтийна хилар - бакъ ца дар а, Жуьгтийн пачхьалкхан яха бакъо яц боху позици адамашлахь лелаш хилар а.

И къамел дира Ги Муна еарий дийнахь ГΙажарийчохь дΙайолаеллачу Дуьненан юкъараллашкахь боцчу мехкийн кхеташонехь. Цо билгалдаьккхира, герга юьту ойла яц Цхьанакхеттачу Къаьмнийн юкъараллехь йолчу цхьана пачхьалкхо ша санна цуьнан декъахь йолчу кхечу пачхьалкхана хΙалакъян кхерамаш тийсар, аьлла.

Иштта кхеташонехь лелачу къамелашкахь дакъалоцуш, Ги Мун Пана кхайкхира ГΙажарийчоь дуьненаюкъара низамаш кхочушдеш хиларе а, заррат герз кхолла лаам битаре а. Барамехь къамел динчу ГΙажарийчоьнан коьртачу лидера Хаменаи Ιела аятоллас дΙакхайкхийра, шайн мохк бер бац зарратах пайда оьцучу новкъа тΙера, амма и бац зарратан герз кхолла гΙерташ, аьлла.
XS
SM
MD
LG