ТIекхочийла долу линкаш

Австралин 5 салти вийна ОвхΙанистанехь



Атлантикан тΙеман альянсан инарла секретара Расмуссен Андерса кадам бина Австралига цуьнан 5 салти ОвхΙанистанехь кхалхарца доьзна. Австрали альянсехь уггаре а дикачу декъашхойх ю, билгалдаьккхира Расмуссена.

Альянсан хьостанаша хаам барехь, кхаарий сарахь ОвхΙанистанан эскархочун духарахь хиллачу стага Урузган-кΙоштахь герз диттина вийна кхо автралийхо, шинна чевнаш йина. Цу тΙе, Австралин ши эскархо велла еарий дийнахь Гильменд- кΙоштахь, лаьтта дуссуш, беракема а доьхна.
XS
SM
MD
LG