ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кема чудаийтина боху



Шемарчу гΙаттамхоша тоьшалла до, шаьш Идлиб-кΙоштахь, Туркойн дозана гергахь, шайн Ιедалан ницкъийн кема чудожийна, бохуш. Оцу хьокъехь цхьа а хаам бац Ιедалан агΙор. ГΙттамхой бакъбеш, Малхбалерчу Ал-Ιарабийя телевизионо гайтина вевзаш воцчо баьккхина видеогайтам – цу тΙехь ву валарх кΙелхьарваьлла ши кемалелорхо а, церан доьхна кема а. Ткъа йозуш йоцчу хьостанашкахула тΙечΙагΙбойла дац гΙаттамхоша бен хаам.
XS
SM
MD
LG