ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехΙерано ца битина заррат-герз кхуллу болх



ГΙажарийчоьнан официалан векалша емал йо Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъаралло ТехΙеран заррат герз кхуллуш хилар тΙечΙагΙдеш арахецна рапорт.

И рапорт арахецаро ГΙажарийчохь дуьненан боламех йоцчу пачхьалкхаша кху деношкахь кхеташо дΙаяхьар еккъа цхьа политикан гΙулч бен йоцийла гойту, цуьнан мах банне а бац, элира меттигерчу ISNA-агенталле ГΙажарийчоьнан парламентан декъашхочо Джалали Казема.

ГΙажаройн арахьарчу гΙуллакхийн министра Салехьи Ιела Акбара а харц йо Цхьатоьхначу къаьмнийн юкъаралла. Рапорто бахарехь, шайн мехкан цхьана кΙоштахь, лаьтта бухахь, сихдинна къайлаха зарратан герз кхуллуш ю ГΙажарийчоь.
XS
SM
MD
LG