ТIекхочийла долу линкаш

Венгрица ийгΙина Эрмалойчоь



Венгрица йолу дипломатин юкъаметтигаш хедайо ша, аьлла, дΙахьедина Эрмалойчоьно. Цуьнан бахьана ду геннара схьадогΙуш. 2004-чу шарахь Венгрехь, эскарийн курсашка вахханчохь, Азербайджанан эпсара Сафаров Рамила вийра оццу курсашка веъна эрмалойн эпсар Маркарян Гурен. Валлалц чохь кхобу хан а тоьхна, шен набахтехь валлош вара Венгрино азербайджанхо.

Амма деношкахь Будапештанний, Бакоханний хиллачу бертаца а догΙуш, Сафаров Азербайджанан каравелира Венгрино. Ткъа хΙинца иза Бакохахь, бехках цΙан а вина, набахтехь хан такхарх мукъаваьккхина Азербайджанан президента Алиев Ильхама. Хиллачуьнца доьзна Эрмалойчоьно, Венгрица юкъаметтигаш хедийна ца Ιаш, аьрзнаш дΙасадахьийтина дуьненан юкъараллашка а.
XS
SM
MD
LG